Ловзар-къовсадалар

24.04.2025

Оханан беттан ткъе пхоьлг1ачу дийнахь,1алхан-Юьртара лоьмар 2 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь, Нохчийн меттан к1иран графикаца, Аминат Сираждиевнас д1адаьхьира ловзар-къовсадалар. Хьехархочо а, дешархоша а ч1ог1а дика кечам бинера. Тобанашкахь жигара болх д1абаьхьира дешархоша. Дуккха а синк1оме т1едахкарш дара къовсамехь. Ишттачу белхаша г1о до берашна мотт бовзарехь а, кхиарехь а.